ХIора 100 эзар вахархочух 1024 цIе ца йоккху цамгар йолуш ву Нохчийчохь

Нохчийчоь. Онкологин республикан диспансер.

Онкологин цамгарш йолчу нехан реестр кхуллуш ю Оьрсийчоьнан могашаллан министралла. Вон цамгарш йолу нах юкъатухур бу лерринчу хаамийн базина, церан хьал тергонехь латто.

Министралло бинчу хаамца, хIинцале а хIоттийна Оьрсийчоьнан онкологин карта. Цуьнца а догIуш, уггаре а вон хьал ду Курскан кIоштахь. Цигахь хIора 100 эзар вахархочух вон цамгар йолуш ву 3239 стаг.

Уггаре кIезиг цIе ца йоккху цамгар кхетта нах беха меттиг ю Дагестан. Цигахь хIора 100 эзар вахархочух цу цамгаран бала ловш ву 835 стаг. Дагестанна тIаьхьа йогIуш ю Тыва (889). КхолагIчу меттехь ю Нохчийчоь (1024), цул тIаьхьа ю ГIалгIайчоь (1079).