ВКонтактехь экстремизме артиклаш зорбане яьхна аьлла, таIзаре хIоттийна Нохчийчуьра ши вахархо

ВКонтактерчу социалан машанехь экстремистийн материалаш зорбане яхарна кхеле хIоттийна Нохчийчуьра ши вахархо прокуратурано. Къайлахчу сервисийн белхахой тIеIиттабелла экстремизме а лерина, федералан тептаре яьхначу артиклашна социалан машанехь мониторинг ечу хенахь.

Административан жоьпалла дожийна шина вахархочунна тIе аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало. Оьрсийчоьнан бехктакхаман Кодексан 20.29 артикло 1 эзарна тIера кхаа эзар соьме кхаччалц гIуда кхачадо цу кепарчу зуламна, я шийтта дийнахь а, буса а чохь латтавар.