Хенал а хьалха маьрша ца воккху Гериев

Ноьвран-кIоштан кхело дуьхьало йина "Кавказский узел" агенталлан корреспондент хенал а хьалха набахтера арваккхар доьхуш, адвокато Мусаев Iалавдис чуделлачу дехарна. Гезгамашин-баттахь Ноьвран-кIоштарчу кхело сацам тIеэцнера тоьхначу хенал а хьалха Гериев аравоккхуш, ткъа республикерчу прокуроран гIовсо Душин Максима латкъаме диллинера и гIулакх. Лахьан-беттан 8-чохь Лакхарчу кхело юхатуьйхира Ноьвран-кIоштарчу кхелахойн сацам.

Кхин дIа а кхелаца къийса Iалашо ю Гериев Жалавдин а, цуьнан адвокатан а.

2016-чу шарахь марихуана яьккхина цуьнгара аьлла, кхо шо хан туьйхира Гериевна набахтехь яккха. Ткъа ша журналисто бух боцуш лерира шена дуьхьал даьккхина гIуллакх, наркотикаш а полисхоша кхийсина яра шена боху цо.

Шена тIехь лелочу харцонех латкъам бина Гериевс кху аьхка Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийра Гериев.