СаIуда Iаьрбийчохь листа долийна Хашогги веран гIуллакх

Хашогги Джамал

Журналист Хашогги Джамал вер талла долийна СаIуда Iаьрбийчохь. Бехкевен 11 стаг а, церан адвокаташ а бара ладегIаршкахь. Царех пхеанна бойуш кхел кхайкхор дехна. Туркойчуьрчу шайн белхан накъосташкара уликаш а, тоьшаллаш а кхачаре хьоьжуш бу СаIудера талламчаш. Шеконашца лецначаьрга бартхаттар ду дIахьош, яздо Bloomberg агенталло.

The Washington Post газетан колумнист Хашогги Джамал вийра ГIадужу-беттан юьххьехь Истанбулерчу консулаллехь.

ТIаьххьарчу шерашкахь Эр-Риядан Iедалхошна шога критика йора цо. СаIуда Iаьрбийчоьнан лаккхара Iедалхой бехке бу аьлла хета туркойн а, Iамеркахойн а къайлахчу сервисашна Хашогги верна. Журналистан дакъа хIинца а карийна дац. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша дIакхайкхийра Хашогги вийна аьлла хеташ, шеконашца шаьш 21 стаг дIалацарх, амма тIе ца дитира шаьш декъах хилар.