Магнитогорскехь велла 39 стаг вевзина шайн нахана

Магнитогорскехь херцаршлахь белла доьзал

Магнитогорскехь охьахаьрцинчу цIийнан херцаршлара 39 дакъа хьаладаккха аьтто хилла орцанхойн. ГIалин администрацин пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Тахана лаьтте кховдор бу белларш. Магнитогорскерчу а, Челябинскерчу а, Москохарчу а дарбан хIусамашкахь Iуьллуш ву лазийна пхи стаг, шайлахь 11 бутт болу бер а долуш. 35 сахьт хан яьккхина цу беро херцаршлахь. Москохарчу клинике кхачийна и кIант, карарчу хенахь кхерамечу мIаьргонех хьалхаваьлла лору иза лоьраша.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь 10-зза тIекIелдинчу цIийнан цхьа подъезд чуйоьжнера, эккхийтар хилла. Орцан министраллан информацица, йохийна 35 петар, 10 меттахIоттаялур йолуш ю.

ХIусам чохь иккхинарг газ ю бохуш, чIагIдо официалехь. Бехкзуламан гIуллакх диллина оцу хьокъехь. Челябинск кIоштан губернаторе Дубровский Борисе шаьш цхьанхьа дехьадахар доьху хIусамех бевллачара.