Урдунерчу паччахьца Iабдулла ШолгIачуьнца зIене ваьллачу Кадыров Рамзана дехар дина цуьнга нохчийн диаспоран векална Башир Мухьаммадна оьшу гIо латтор. Инарлан чинехь лаьттинчу ИсмаьIал аш-Шишани Мухьаммад Баширна йиттина байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь, буьйсанна Заркъехь цуьнан хIусам чу а иккхина вевзашвоцчу зуламхочо. Бехке ву аьлла, шеконаш кхоллаелла шолгIачу дийннехь лецира полицино зуламхо.
Маршо Радионо яздира, нохчийн диаспоран декъахочунна, инарлана, Урдунехь мэр а лаьттина, юьртбахаман министраллан урхаллехь хиллачу ИсмаьIал аш-Шишани Мухьаммад Баширна кIелоярна шеконашца Заркъа гIалахь дIалаьцна цхьа стаг аьлла.
Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь тIелатар динера ИсмаьIал аш-Шишанина. Буьйсан юккъехь 74 шо долчу инарлан хIусам чу а иккхина, цунна йиттинера вевзаш воцчу зуламхочо. Дарбан цIийне валийнера къано чолхечу чевнашца.
Байначу беттан 29-чохь хаам хилла, полицино бехке ву аьлла, цхьа стаг дIалацарх. ЦIарца вуьйцуш вац тIелатархо, амма хааме даьккхина хьалха а оццу зуламашна кхеле хIоттийна иза хилар.