Нохчийн журналист Гуьржийчу ца витарна кхеле бевлла бакъонашларъярхой

Гуьржийчоьнан Оьрсийчоьнца дозанехь.

"Маршо Радион" Къилбаседа Кавказан сервисан журналист Дадаев Асланбек Гуьржийчу ца витар низамашца догIуш дац аьлла, кхеле бевлла бакъонашларъярхой. Цунах лаьцна хаам бина "Новости-Грузия" портало.

2018-чу шарахь Лахьанан-беттан 7-чу дийнахь Губжийчоьнан дозанехула чекх ца валийтира журналист, бахьана а ца дуьйцуш.

Ц у хьокъехь Гуьржйичоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана дуьхьал Тбилисерчу кхелехь лехам айина "Адамин бакъаонаш ларъяр талларан а, мониторинган а центр" олучу Iедалшца йоьзна йоцучу меттигерчу вошатхтохаралло.

Гуьржийчохь дехачу жимачу къаьмнийн дахарах а, гуьржийн културах а лаьцна материалаш кечйеш Дадаев маситтаза вахана хиллера цу махка 2018-чу шарахь.

Ша тIаьххьара Гуьржийчу ваханчу хенахь цо тидаме эцна хиллера коьртачу декъана нохчий бехачу ПIаьнгаза чIожехь Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу балхах лаьцна.