Нохчийчохь некъан бохамехь 4 стаг велла, 2 лазийна

Нохчийчуьрчу Грозненск кIоштахь хиллачу некъан бохамехь велла кхо стаг, лазийна цхьаъ. Некъан полисхойн урхалло (ГИБДД) бина и хаам, яздо ТАСС агенталло.

"ВАЗ-24 а, кир дIасакхоьхьу "Газель" микроавтобус а вовшахкхетта "Кавказ" олучу некъа тIехь. Жимачу машенчуьра кхо стаг велла, ткъа микроавтобусан урхалла дечунна а, цуьнца цхьана хиллачу зудчунна а чевнаш йина", - дийцина ГИБДД-ехь.

Маршо Радионо шинаридийнахь хааме даьккхира, Грозненск кIоштахь дуьхь-дуьхьал кхеттачу машенашкара виъ стаг лазорах: машенлелорхо а, цуьнца хилла кхо пассажир а. Кеп-кепарчу чевнашца дарбан хIусаме кхачийра уьш. Оршотан буьйса юкъал тIехъяьллачу заманчохь хилла ю и инцидент Гикало эвлахь. Porsche Cayenne а, Лада Priora а ю вовшахкхеттарг.

Лада Priora олучу автомобилан шофер а, цуьнца хилла нах а бу лоьмар 9 йолчу Соьлжа-ГIаларчу лазартне балийнарш.