Керлачу шеран дезачу деношкахь Къилбаседа Кавказан курорташка оьхучийн терахь 20 проценте хьаладаьлла, стохка оццу хенахь хиллачуьнца дуьстича. Нохчийчуьрчу туризман министралло дIакхайкхийра, эзар сов турист хилира когсалазаш хохкучу "Ведучи" курортехь карадеанчу шеран хьалхарчу кIиранчохь аьлла. Ткъа, "Кавказский узел" агенталлан хаамашца, курортан белхахочо а, меттигерчу бахархоша а шеконашка дуьллу и терахь.
10 процентал сов ду "Эльбьрус" когсалазийн курорте керлачу шеран дезачу деношкахь баьхкинчийн терахь аьлла, дIахьедина ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалша. Социалан машанашкахь дуккхаъчара далхадора, цигарчу канатан некъа тIе кхача гIертачийн яккхий раьгIнаш латтар.
Карара бутт карабеачхьана 8-чу дийне кхаччалц схьа Кхарачойн-Чергазийчуьрчу "Архызехь" хилла 42, 5 эзар хьаша. "Эльбрусе" кхечира 48,5 эзар турист. Нохчийчуьрчу "Ведучехь" хилира цхьа эзар ах эзар гергга хьаша, хаамбина "Курорты Северного Кавказа" компанино шайн сайтехь.