Дахначу шарахь Нохчийчохь хиллачу некъан бохамашкахь велла 87 стаг

Дахначу шарахь Нохчийчохь хиллачу 67 некъан бохамашкахь велла 87 стаг, шайлахь 9 кхиазхо а волуш, хаамбо мехкан прокуратуран пресс-гIуллакххоша. Лурчаха хиллачуьнца дуьстича, некъан бохамашкахь нах балар 23, 8 процентна лахделла хилар билгалдаккха деза, яздо махкарчу "Грозный" агенталло. Доккхачу декъанна, хуьлу зуламаш машенаш чехка хахкаран бахьанашца а, хьалхавала а гIуртий, шена леринчу асанах валарца а хуьлуш ду аьлла некъан полицин урхалло.

Болчу хаамашца, 132 зулам даьстина полисхоша, машенлелорхо маларх кхетта хиларца доьзна.

Шинаридийнахь Нохчийчуьрчу Грозненск кIоштахь хиллачу некъан бохамехь велла кхо стаг, лазийна цхьаъ.