Димашкъна герггахь эккхийтар дина

Ницкъе эккхийтар хилла Димашкъна гена йоццуш йолчу тIеман иччархойн гIишлонна герггахь, хаамбо AFP агенталло, Великобританехь куп тоьхначу Шеман адамийн бакъонашларъечу центран хаамашан тIе а тевжина. Агенталлан информацица, белларш а, чевнаш йинарш а бу царлахь, амма къаьстина дац маса стаг ву. Ишта билггал хууш дац, Iожалхочо дина тIелатар хилла иза, я бомба ю йоьллинарг. Дийцарехь, эккхийтарна тIаьххье герзаш дийлина.

Меттигерчу телеканалаша хаамбарца, теракт хила тарло динарг. ГIалин Iедалера а, я полисхошкара а хиллачух шуьйрра информаци кхаьчна яц.

Цхьана шерачохь дуьххьара дина эккхийтар ду иза Димашкъахь аьлла Шеман центран куьйгалхочо Рахьман Рами Iабдела.