26 миллиардеран бу 3,8 миллиард адаман болччул бахам

Oxfam-ан лого.

Дуьненерчу уггаре хьал долчу 26 стеган бахам дIанисбелла кху дуьнентIехь дехачу эханан адамийн - 3 миллиард 800 миллион - кIелла хьоьгучу бахархойн болчу бахамца.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Швейцарерчу Давосехь дIайолалуш йолчу экономикан форумна хьажийна Британерчу Oxfam гIо-накъосталлан вовшахтохаралло кечдинчу дIахаийтарехь.

Цхьа шо хьалха цу хьокъехь вуьйцург вара 43 миллиардер. Хийцалучу сурто гойтург ду уггаре хьал долчу а, уггаре кIелла ловчу а бахархошна юкъара херо шорлуш хилар.

Oxfam-о дийцарехь, бехачу нехан хьал дIадаханчу цхьана шарахь алсамдаьлла 900 миллиард долларна. Ткъа миллиардерийн терахь совдаьлла 12 процентана.

Карарчу хенахь кху дуьнентIехь вехаш ву 2208 миллиардер.