АрсамаковгIеран банк шен долаяьккхина Оьрсийчоьнан Банко

Оьрсийчоьнан Банк.

Оьрсийчоьнан Коьртачу Банко таян сацам бина Москох индустрин банк (МИнБанк). Официалан болчу хаамца, ахча хиларца иза лаьтташ 33-чу меттехь (320,5 миллиард сом).

Цу банкан акционерийн дакъа чоьтера дIадоккхуш ду 1 сом а дуьтуш. Ткъа Оьрсийчоьнан Банко и банк кIелхьаряккха инвестицеш ярна шен дола йохуш ю цуьнан 99% акцеш.

Москох индустрин банкан 1998 шарахь дуьйна коьртехь ву Арсамаков Абубакр. 2016-чу шарахь "Справедливая Россия" партин цIарх Пачхьалкхан Думе харжамашкахь дакъалецира цо. Амма цунах гIуллакх ца хилира.

2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Арсамаковна елира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх орден.