Яндарбиев Зеламха. Меллаша гIушлакхе баьлла...

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Меллаша гIушлакхе баьлла...

Яндарбиев Зеламха

Меллаша гIушлакхе баьлла,
Тийна Iа, таьIна Iа малх.
Нохчичоь, хьо йоцчу ваьлла,
Ма гIийла хетта-кха нах.
ХIорда тIехь кхозий, малх, боьдий,
ГIаьттинаъ валале хьо,
Карабо, дIабуза боьдуш,
Дерриг де шеца дIахьош.
Нохчичоь, суна ма гина
Хьан Iуьйре, хьан делкъе, де.
Суьйре а, буьйсаъ ларйина...
Ткъа кхузахьа-м дац буьйсаъ, деъ...
Хан, кхузахь - ерриг цхьа зама,
ХIорд санна, цхьатерра дIа...
Нах бу, комаьрша, балл тамаш,
Амма мохк - дог доцуш цхьа.
Гой хьуна, дош аьлла валале,
Делкъе а схьахIоьтти тIе.
Нохчичоь, сай деган баланех
Хьоьга кхин дуьйцур дуй те?..