Your browser doesn’t support HTML5
Юсупов Iилман. ЯЗДАРЧЕ
(сонет)
Илланчин цIе езаш, дарж дина, лело
Деса дош вотанах ахь декадо.
Сан ненан маттана мел хилла гIело
Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го.
Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело,
Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо.
ХIетте а, сирачу могIанийн кIело
Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо.
Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло
Джаннате буьгур бу масийтта бIо.
Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело
Тера ду, хетарехь, кхеттачух со:
Бакъволу илланча, гIелвелча, вело
Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло...