Юсупов Iилман. Дуьненан гIовгIанан...

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов Iилман. Дуьненан гIовгIанан...

Юсупов Iилман

Дуьненан гIовгIанан къизачу къовкъарша
Лазамах дIайоьлли сан массо шовкъ а.
Баьгначу лаамех йисинчу овкъарша
Къежди сан массо а гIуллакх а, зовкх а.

Сан са ас язъечу байташлахь деттало,
Дешнашца сингаттам дIатуьттуш гена.
Сайн оьмар хьан ломан хих тера хетало -
Нохчийн малх кхеттачу тIехула шена.

Iамийна ас дагахь хьан хIора бохь сайна,
Кхиэло со кхоссарх а хийрачу махка.
Декаш ду сан аз, хьан аьрзунан мохь санна,
Лууш сан мукъамаш хьан иэсехь тахка.

Вац-кха со маьршачу хьан некъах тиллачех,
Деле хьо йоьхуш ду сан хIора де а.
Турпала къам дуьйцу илли а хилла шех,
Екаш ю, Нохчийчоь, хьан сийлахь цIе а...