Яндарбиев Зеламха. Дуьне доьхна

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Дуьне доьхна

Яндарбиев Зеламха

Дуьне доьхна, бохур ду ахь соьга,
Йовлакхан тIам хьоькхуш бIаьрхишна.
Дуьне дохо-м дукха ма ца оьшу,
И хьан дуьне дохо-м, къаьсттина....

Дахар доьхна, бохур ду ахь йоьхна,
Дог а лоьцуш, гIента лахъелла.
Дахар дохо-м дукха ма ца оьшу,
Дог диканна хилча якхделла.

Балхор бу ахь кхин а къиза бала,
Хьоьхуш бIозза къиза къематаш.
Дуй ца хууш, дуьне ша вай балехь
Дахар-къизачу вайн къематехь.

Дуьне доьхна, бохур ду ахь йоьхна,
Дахар доьхна - яла йоьжна йоьлхуш,
Со цхьаъ воцург, вац аьлла а хеташ,
Хьайн балина бехкеван, къадеха,

Амма ас бен дакъор дац хьан бIаьргех
Леша бIаьрхиш, кераюкъ а хьаькхна,
Со бен-м хьоьжур вац хьан бIаьргаш чу,
Цара лечкъон мекарло ца гуш...