Лахделла Оьрсийчоьнан бахархойн терахь

ТIаьххьарчу 10 шарахь дуьххьара лахделла Оьрсийчоьнан бахархойн терахь. Цунах лаьцна хаам бина Росстат урхалло.

Цо дийцарехь, 2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь лаьрча Оьрсийчоьнан бахархойн терахь лахделла 86 эзар стагана. Карарчу хенахь иза ду 146 миллион 794 эзар стаг.