2018-чу шарахь 500 интернет-ресурс дIакъевлина Нохчийчоьнан прокуратуро

500 интернет-ресурс дIакъевлина Нохчийчоьнан прокуратуро 2018-чу шарахь. Иштта, интернетана мониторинг еш прокуратуран белхахошна гучуяьлла шен цIахь лелха хIуманаш муха йон дуьйцуш а, Делах теша нах а, дин а сийсаз дан гIерташ а арахецна материалаш.

И бахьана долуш 506 лехам хьажийна прокуратуро кхелашка. Царах 504 лехам бух болуш карийна кхелахошна.

Нохчийчуьрчу кхелаша бина сацамаш кхочуш бина Роскомнадзор урхалло, яздо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло.