Боберашна догIу ахча хьедар гучудаьлла прокуратурина Нохчийчохь.

Боберийн хIусам.

Соьлжа-ГIалин кIоштан прокуратуро таллам бина меттигерчу верасаллан а, Ӏуналлан а декъо бечу балхана. Гучудаьлларг ду да-нана доцуш дисинчу берашна догIу рицкъ дIакхачош цахилар.

Иштта Соьлжа-ГIалан кIоштан верасаллан декъехь чоьте эцна ду 136 бобер. Низам а дохош, и бераш кхаба оьшу ахча дIа ца делла 2018-чу шарахь Лахьанан а, ГIуран а шина баттахь.

Дерриг а боберашна дIадалаза дитинчу ахчанан барам бу 3 миллион 180 эзар сом. И рицкъ дIакхачийта Iалашо йолуш кхеле бевлла меттигерчу прокуратуран белхахой.