СагIадоьху нах гучубохуш арабевлла полисхой Соьлж-ГIалахь

Архивера сурт.

СагIадоьхуш лелар а, эрна ваьлла лелар а юкъараллина дуьхьалара хIума лоруш ду Нохчийчохь. И тайпа нах гучубохуш рейдаш йолийна Соьлж-ГIалахь полицин белхалоша.

Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, и болх дIахьош гучуваьлла сагӀадоьхуш лела 84 стаг. Царах 42 мичара ву къасто цхьа а кехаташ доцуш хилла, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цу нахана дуьхьал административан чулацам болу гIулчаш яьхна уьш нийсачу дахаре берзор Iалашонца. Цул сов цаьрца къамелаш дина уьш сагIадоьхуш цалелийтархьама.