Your browser doesn’t support HTML5
Мисарарчу аль-Азхар университетан студент ву Нохчийчуьра вахархо Iийса (цIе хийцина ю). Цуьнца цхьаьна цигахь доьшуш бу Къилбаседа Кавказера кхин а иттаннаш студенташ. Шен юьхь а ца гойтуш, бакъйолу цIе а ца юьйцуш, интервью яла реза хилира Iийса "Кавказ.Реалиина".
Iийса исламан низам а, бусалба динан бух а Iамош ву Мисарахь. Тхойшинна къамел хилира ширачу аль-Азхар маьждиган гонахарчу бешахь. Университетах лаьцна дийцарца долийра Iийсас шен къамел:
- Аль-Азхар университет кхоллар доладелла маьждигехь хиллачу хьуьжарна тIера 970-чу шарахь. ХIинца иза инзаре йоккха лаккхара дешаран меттиг ю, бусалба наха вуно лоруш йолу. Цуьнан диплом - дика бух бу син хьаштийн сферехь болх бан. Амма со, цIа а вахана, Нохчийчохь болх бан лууш ву. Цигахь маьждигаш ду деш, динан центраш ю схьайоьллуш. Кхане йолу меттиг ю иза.
Аль-Азхарехь дешар мехаза ду. Экзаменаш яла ца оьшу цига деша дIатасалуш, делахь а цхьа биллам бу кхузахь – Iаьрбийн мотт хаар. Мисара схьакхачарца оьшуш долу кехаташ (паспорт а, векалаллера бакъо а) чуло университете. Цуьнца цхьаьна дешархой дIаязло цхьана шаранна леринчу меттан курсашка.
Хала дерг ду, курсаша дешаран виза йоккхуш гIо деш цахилар а, ткъа университето дешавеанарг 6-7 бутт баьллачул тIаьхьа бен дIаоьцуш цахилар а. Цу кепара кхоллало гур – бакъо а йоцуш махкахь вахар.
Ткъа Мисарахь сацам боццуш дIахьош ю, бакъо а йоцуш, махка баьхкина нах лоьху полицин рейдаш. Цу тайпа стаг каравеача полицино таллам дIахьо, "Исламан пачхьалкх" а, "Бусалба вежарий" а тобанашца цуьнан юкъаметтигаш ю-яц къастош.
- Ткъа дахаран хьелаш муха ду кхузахь?
- Мисарахь массо а хIума а дораха ду. Чохь Iан меттиг карайо 2000-3000 фунтах (100-150 евро). Кхачананца дерг а вон дац. Дуккха а бораха хастоьмаш а, стоьмаш а бу кхузахь. Жижиг базарахь дазделла, бакъдерг дийцича. Со кхузахь сайн доьзалца вехаш ву. Оха, коьртачу декъана, котаман тIехь кечдина дуга дуу. Цу кепара, ахча кхоо аьтто бола тхан.
Берашка дешийтарца хьал дика дац. Пачхьалкхан школашкахь луш долу хаарш ледара ду. Ткъа доларчу школашкахь мах бала беза, юккъерчу барамехь 7000 фунт (350 евро) шарахь. Халаниг ду и ахча хьалххе буьззинчу барамехь дIадала дезаш хилар. Сан 4 бер ду. Царна дешар шардархо лаьцна ас. Экзаменаш дIало цара Оьрсийчоьнан векалаллехь. Жимаха йолу йоI берийн беша лелаш ю, хIора баттахь 300 фунт (15 евро) а луш.
- Мисархошца доттагӀалла леладой аш?
- ДоттагIалла доцчу гергга ду. Тхан гIиллакхаш цхьаьнадогIуш дац. Божарша, масала, кхузахь йовлакхаш я чалба лелайо. Зударша лелайо никъабаш. Цуьнца цхьаьна зударий коьрта бу кхеран доьзалшкахь. Мисарахь, балконана тIе а ваьлла, йиттина бедарш хьалаухкуш стаг хилар могIарера сурт ду кхузахь. Нохчийчохь иза лелор бIегIийла дац. Амма зударшна атта ду кхузахь дино бохург лело.
Дахаран хьелашца доьзна эшам беш меттигаш йогIу. Масала, базарахь цхьа фунт мах болу хIума кхечу пачхьалкхара веанчунна 2-3 фунтах юхку. Тхо хьолахой хета хир ду-кх царна. Амма вуьштта, кхузахь дог дика адам ду.
-ХIун Iилма Iамо аьтто баьлла хьан 4 шарахь?
- КъорIан сайна деша хууш хилча сой Iилманча лара мегар ду, Исламах лаьцна хьехамаш а беш, аьлла хетара суна. Иза аьттехьа а дац. КIорггера хаарш долчу Iилманчашца, тидархошца Iамо деза бусалба дин. Цаьрга кхача ах дахар дIадала деза.
Ламаз дарх лаьцна дуккха а хIуманна тIаьхьакхиъна со. ЦIахь цхьа хьехархо вара сан. Цо хьехнарг а бен кхин хIумма а ца хаьара суна. Кхузахь суна гуш дерг харжам хилар ду.
Цул сов, даймахкахь хьан кӀезиг таронаш ю. Нохчийчохь, салафизман агIонча хьо велахь а вист ца хуьлуш, Iедалшна критика а ца еш хьо Iахь паргIат ваха аьтто бу. Нагахь хьайна цигахь тIейожийна динан башхалла лело хьо реза вацахь, хьайна хетарг ахь нахана хьалха дийцахь, мацца яьккхина а, хьоьца йистйоккхур ю. Маж дIаяша а мега, хьо нийсачу некъа воккху бохуш, къамелаш дан а мега.
- Хьайн цIе хьунда хьулйина ахь?
- Иза кхераме ду кхузахь доьшучу тхуна. Нохчийчохь Ӏиттарш ян мега возуш воцчу журналистаца къамел дина хиларна. Кхузахь сих-сиха "зачисткаш" дIахьо студенташна юкъахь. И бахьана долуш дукхахаберш дIабахана Александрияра. Полицино хьийзабора уьш. ХIинца изза хуьлуш ду КъахIирехь а.
Ши шо хьалха, полице а вигина, 5 де-буьса даккхийтира соьга а набахтехь. Урамехь полисхоша паспорт хаьттира соьга. Сан паспорт кхузахь тӀеязвалар чекхдаккха дIаделла дара. Паспорт дIаоьцуш цхьана ханна кехат луш Iедал дара, амма кхузахь цхьа гӀучӀа бу… Соьга и кехат схьа а ца лахийтира.
Юха прокуратуре вигира со, мила ву къастор ду шаьш аьлла. Паспорт хеттара. Ас дуьйцучуьнга ладугIуш стаг вацара. Эххаре а паспортийн урхаллера белхахо веара, сан документ а дохьуш, цул тIаьхьа маьршаваьккхира со.
Буьйсанна, лаьтта хIума а тосий, тIулгийн цIенкъа охьавижара со. Дика дера дара иза Стигалкъекъа-баттахь нисделла хилла. Со чувоьллинера Европе кхача гIертачу Эритрейрчу мухIажирашца цхьаьна. Кхалла хIума ца ло кхузахь лецна латточу нахана. Эритрейра мухIажирашна иза латтайора Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло, ткъа суна – доттагIаша.
Юккъехула аьлча, махкара аравоккху кхузара хьайн чоьтах. Кхеташ ду, набахтехь воллучул а, билет а эцна, цIавахар гIоле ду.
- Малхбалехь доьшуш болу нах "Исламан пачхьалкхаца" уьйраш латтош бу бохучух тешна ю Оьрсийчуьра леррина сервисаш. Хьуна хетарехь, оьший Шема кхача гIерта?
- Ца оьшу, дера. И тIом - Шеман чоьхьара хаттар ду. Дош лелачу бусалбан дешначу наха ца оьшу боху цига даха. Кхечу пачхьалкхашкара нах цигахь хиларо кхин а чолхечу доккху цигара хьал. Шемара халкъ шен бакъонаш къуьйсуш ду. Арахаьрчу радикалаша дерриг а талхо мега. Ткъа "Исламан пачхьалкх" тобано лелориг бусалба динна дуьхьал ду. Университетехь оха дийцаре до и хаттар. Дешначу наха язйина книгаш йоьшу оха. ХIинцале а дуккха литература ю арахецна "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьало ярна хьажийна.