Кавказера мисархо Мадина

Садылханова Мадина

Your browser doesn’t support HTML5

Кавказера мисархо Мадина

Дагестанера нохчо ю Садылханова Мадина. Мисаран яхархо а ю иза. КъахIирехь оьрсийн маттахь къамел дечу массарна а евза иза. Таксхочун болх бина ю, йа юург еш, юхкуш яра аьлла, гоьяьлла яц иза. Мисарахь бехачу кавказхошна гIо эшначу меттахь дIахIуттуш ю аьлла, евзаш ю Мадина. Жигараллийца хьийзира иза Мисарахь яхначу аьхка байна ГIалгIайчуьра студенташ лоьхуш а. "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте дийцира цо, ша къайлах бохург санна, бечу волонтеран балхах.

"Уьш хьан гергара бу?"

Шера буьйцу Мадинас Iарбойн мотт. 2001-чу шарахь студент волчу шен цIийндеца схьаеана иза Мисара. ХIусам лелош, бераш дуьненчу а даьхна, ехара иза. Амма цIийнда кхунах леташ, хIара сийсазйохуш дIаволавеллера. Цо меженаш йойна, масийттазза дарбан цIийнехь а Iиллинера иза. Кхи детта са а ца хилла, шен кхаа берах ка а тоьхна, еддера иза. ХIокху 12 шерачохь цкъа бала ца хилла кхуьнан хилллачу майрчун шен доьзалца, цуьнгара гIо а хилла дац кхарна.

"ГIалгIайн куьйгалхочун Евкуровн тобанехь доккхачу даржехь ву иза хIинца", - дуьйцу Мадинас.

Мисарарчу ал Азхар университетехь доьшучу Оьрсийчуьрчу студенташна тIехь полисхоша репрессеш йолийча, юьстах лаьтташ Iа ца елира иза.

"Доккхачу декъанна суьлий, гIалгIай, нохчий – сан махкахой бу, - дагалоьцу Мадинас. – Талламаш, рейдаш, депортацеш йолийра кхузахь. WhatsApp-ан мессенджерехула цхьаммо хаамбо, цхьаъ дIалаьцна олий, сайн машена а хуий, со орцах йоьду. Юург, телефон, йа ахча хьош, сайн ма-хуьллу къийсам латтабо ас. Мотт цахуучарна гочдархо хIуттий, адвокат лоций, сайна бевза нах тIеозабой, церан кхелашка лелаш, хьийза со. Сан махкахой цецбуьйлу, оццул жигараллица зуда хьоьвзича. Бухарнаш ца кхета, хьан хIун гIуллакх ду, хьан гергара-м бац уьш, бохуш.

Садылханова Мадина

Зуда кхета, ша а Iедалхоша дIалаца тарлорий.

"Даржехь болчу наха а цхьана олура соьга, ларло, кхераме хIума ду ахь лелориг. ТIаьххьарчу эхашерачохь зIенехь ю со ГIалгIайчуьра вайначу пхеа студентан нахаца. Жимма а информаци сайна хиъча, церан гергарчаьрга дIакхачайора ас, церан са тедархьама. Полици йоьдуш, векалте оьхуш, аэропортехь воьдучунна, вогIучунна тIаьхьаюьйлуш. Вайначу пхеаннах виъ набахтехь карийна. Уьш дийна хилар - боккха къинхетам ма бу!, - дуьйцу волонтеро.

" Суна дукхаезара Мисара"

КъахIирехь шен бизнес яра Мадинин. Хьоладай бехачу Рокси кIоштахь гIишло яра цуьнан долахь. Берийн бешан а, клиникан а куьйгалхо а лаьттина иза, петарш лора цо ханна чохь Iен мехах.

"Суна дукхаезара Мисара!- боху Мадинас. Ингалсан мотт хьоьхуш, престиже школе оьхура сан бераш. Уггар жимахйолу Iайшат видеоблогер ю сан. Йоккхахйолу Мариам Японин искусство а, суьрташ дахар а дезаделла ю".

Цхьана дийнахь, Мадинин тешам болчу Мисарарчу администраторо кхуьнан бахам шен цIар тIе баьккхинера. Кхуьнчух терра цIе йиллинера цо, хIокхо бахам шена схьабоьхкина аьлла.

"Суна доцург кхоьллинера цо. Диъ де набахтехь даьккхира ас. Закъалтах арахецначул тIаьхьа дукха лийхира ас сайн оьрсийн паспорт. Полисхоша "тхоьгахь дац" олура. Къайлахчу сервисашкахь сайна бевзачу нахе ас орца дехначул тIаьхьа, маса схьаделира сан паспорт. "Мадам Мадина, кхи хIуммаъ оьший хьуна" а хоьттуш. Хала дара и дерриг а лан. Сайна къола динчаьрца къийсалуш ю со кхелехь хIинца а. Бакъду, хIинца тешам байна сан кхарех", - дуьйцу Мадинас.

Некъан билгало санна лело окхло

Итт шо зама ю Мадинас машен лелон. Шен гIента бухахь лелош окхло ю цо. Марзделла шена боху цо, окхло лелор.

"Мисарахь цхьана а кепара некъан билгалонаш яц. Светофораш ехкина а яц дукха хан. Даим а клаксонаш екайо гIуллакх долуш а, доцуш а. Хьо новкъахь дIавоьрзучу хенахь, корах ара куьг а даьккхина, хаийта деза ахь. Ткъа машен чохь суо йоьдучу заманчохь, сайн окхло гойту ас, тIаккха некъ буьту суна. Суна суо ларъян а дика ю окхло.

Зударшна баха уггар а кхерамечу пачхьалкхех ю Мисара. ХIокху итт шерачохь цкъа бен некъан бохам Iоттабелла бац сох. "Рено" олучу машен тIехь маса воьдург тIекхеттера суна. Полисхоша дIалаьцначу нохчочунна орцах хьаьдда йоьдура со хIетахь"

Аэропорт

БогIучу хьешашна дуьхьал ваха хIуттуш вац кавказхойх цхьа студент. Бакъо йоцуш шайн пачхьалкхехь хан йоккху нах леца тIаьхьабевлла дукха полисхой бу. Дешаран виза массо а студентехь ма яц. Цул совнах, даIишца ойла ерш а, "Бусулба вежарий" цIе йолчу йихкинчу организацех дог лозурш а лоьху Мисарахь. Къайлахчу сервисаша дIалоьцу цаьрца йозанашкахь хилларш а тIаьхьа.

Мадина дика кхета, мел кхераме ду вайнехан стагна КъахIиран аэропортехь дIасалела. Ша таксхо хиларе терра, дийнахь, буса а , муьлххачу заманчохь а, йа новкъабохуш, йа схьаоьхучарна дуьхьал йогIура иза.

"Наггахь кеманна тIе буьгу ас студенташ, юха WhatsApp-ехь доьшу ас, уьш набахте боьхкина олий. Масех дийнахь латтабо уьш цигахь, кехаташ толлуш, террорхошца уьйраш юй а зуьйш. Дукха хьолахь дIалецначара шайн телефон тIера камера латийна хуьлу, тIаккха атта тIекхуьу иза волчу меттигна. Юха депортаци йо царна", - боху Мадинас.

КъахIирехь 18 шо даьккхинчул тIаьхьа, оцу гIаличуьра араелира Мадина. Маьршачу меттиге иза дIакхаьчначул тIаьхьа бен зорбане диллина дац хIара цунах дийцар.