500 кила эккхаза бомба карийна Нохчийчохь

Бумматана гергахь хуьнхахь карийна ФАБ-500 бомба.

Эккхаза авиабомба карийна ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Бумматана гергахь хуьнхахь. Говзанчаша бинчу хаамца, иза ю ФАБ-500 олу ах тонн йозалла йолу фугасан бомба. Гарехь, иза кхоьссина хилла Оьрсийчоьнан тIеман кемано Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш.

Орцаллин министраллан белхахочунна тIе а тевжаш, "Кавказский узело" дийцарехь, и кхераме герз сапераша эккхийтина, леррина цу гIуллакхна кечйинчу меттиге а яьхьна.