"Дагтехкадастро" ХIинжа-ГIала кхойкху мехIельтахой

Дагестан, Гумбетан кIошт. Архивера сурт.

Дагестанерчу "Дагтехкадастр" урхалло дозанца доьзна хаттар дийца ХIинжа-ГIала кхайкхина Чиллан-беттан 11-чохь Нохчийчоьнан дозанца Iуьллучу Гумбетан кIоштарчу МехIелтара бахархой. Доза хийца мегаш ду шайн латтанаш дIадохуш бохуш, латкъамаш беш бу и нах. Цара дийцарехь, Нохчийчоьнна дIаяла мегаш ю 100 гектар цара пайда оьцу даьхнин дожийлаш.

И бахьана долуш МехIелта эвлахь леррина гулам дIабаьхьна цу хаттаро синтем байинчу бахархоша, аьлла хаам бинера цу эвлан куьйгалхочо Абдулнасыров Мохьмада.