Иракъерчу набахтешкара 27 бер арадаьккхина

Оьрсийчоьнан орцан министраллан кемано Иракъерчу набахтешкахь шайн наношца латтош хилла 27 бер Москох кхачийна кIиран суьйранна. Оьрсийчоьнан 10 субъектера ду даймахка далийна 4 шарера 13 шаре девлла бераш. Лоьраш а, психологаш а бу царна улло бевлла. Могушаллин Центрехь берашна духьал еара омбудсмен Кузнецова Анна.

Яхначу аьхка дуьйна вовшахдетташ дара, и бераш цIа дерзо оьшу кехаташ. Таханалерачу дийнахь дерриг а Иракъера цIа далийна 57 бер.

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас журналисташка дIахьедина, Шемахь а, Иракъехь а кхин а 1700 зуда юьсуш хиларх.