"Новая газетано" вийцинчу нохчочо гIо дехна Оьрсийчоьнан омбудсмене

Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна пачхьалкхан Инарла прокуроран гIовсе яьлла, "Новая газетано" шен агIонехь зорбане яьккхинчу матераил тIехь ЛГБТ-н векалшлахь вуьйцу Нохчийчуьра вахархо бахьана долуш.

Бакъонашларъярхочо бахарехь, телефонехула хиллачу къамелехь цо чIагIонаш йо, ша лачкъийна вигина цахиларх, ишта ша сийсазварна, шена тIехIоттар а доьхуш. Шинаридийнахь журналисташца хиллачу къамелехь Москальковас хаамбина, цхьана публикацин турпалхочо шега латкъамбина аьлла.

"Саратова Хедин офисчуьра телефон тоьхнера цо соьга, шен сурт а, паспортан скрин а яийтира соьга. Ша гейх дIатохарна оьгIазвахначу цо, ша Iалашвар доьхура соьга", - аьлла Москальковас. Оцу юкъанна омбудсмено билгалдаьккхина, и стаг лачкъийна вигина аьлла, "Новая газетано" шега информаци кхачорах.

"Прокуратуре дехар дина ас, оцу стеган сий а, репутаци юхаметтахIотторехь цхьа а агIо лелош юй талла аьлла", - дIахьедина Москальковас, Инарла прокуроран гIовсе кехат ша дахьийтина хилар билгалдоккхуш.

Маршо Радионо яздира, ша гомосексуал а лерина, полисхоша шеконашца дIалаьцнера аьлла, "Новая газетано" а, ЛГБТ- юкъаралло а шех информаци Iораяккхарна, Нохчийчуьрчу вахархочо Юсупов Бекхана меттигерчу хаамийн гIирсашкахь кхайкхамбина аьлла. Пачхьалкхан "Грозный" телевизионан эфирехь вистхиллера иза.