ХIусаман 5-чу гIат тIера чудоьжна бер делла Соьлжа-ГIалахь

ХIусаман 5-чу гIат тIера чудоьжна, деллачу беран хьокъехь Нохчийчуьрчу Старопромыслан кIоштарчу талламхойн декъо гIуллакх долийна, луьстуш ду.

Кхааридийнахь оцу кIоштан Маяковский олучу меттигерчу цIийнан корера чувоьжна 4 шо долу кIант оцу сахьта велла. Дийцарехь, ден-ненан тергонера ваьллачу кIанта кор ша схьа а диллина, цуьнан у тIе хIоьттина хилла.