Туризмехь юкъарлонаш лело дагахь ю ГIирма а, Нохчийчоь а

Туризман сфера юкъахь кхио Iалашо хилла Нохчийчоьнан а, ГIирман а. Информацин гIо а латтош, керла туристийн проекташ кхочушъеш, зеделлаучуьнца дакъа а деш, белхаш бан сацамбина шина регионан туризман министралло Сочехь дIаяьхьначу форумехь.

"ГIирмера туристаш республике оьхуш бу хIинццалц а, делахь а тIейогIучу заманчохь церан терахь кхи а лакхадер ду аьлла, тешна ву со. Соьлжа-ГIалара ГIирме кеманийн рейсаш а йоьллур ю аьлла, дегайовхо ю тхан", - аьлла ТАСС агенталле Нохчийчуьрчу туризман министраллан урхалхочо Байтазиев Муслима. ТIаьххьара цо Iорадаьхначу терахьашца, дахначу шарахь Нохчийчохь хилла 150 эзар гергга турист. Ткъа лурчаха веана 100 эзар ца кхоччуш турист.