Полисхоша Теркйистера бигинчу кегийрхойх цхьаъ дIахецна

Нохчийчоьнан Грозненск-кIоштарчу полисхойн декъехь латтийна Дебиров Долхьад дIахецна аьлла, хаамбина "Кавказ,Реалии" портале церан хьосташа.

Еаридийнахь Маршо Радионо яздира, дахначу оршотдийнахь тIеман барзакъ доьхначу наха Грозненск-кIоштарчу ЧIаьнти-Юьртара кхо жимстаг вигина аьлла. КIоштан бахархоша бинера и хаам "Кавказ.Реалии" портале, уьш дIалецаран бахьанаш хууш дац шайна аьлла.

Бакъонашларъярхочо Саратова Хедас тIечIагIдира, оцу кегийрхойн гергарчу наха дехар дина шега, уьш латто меттиг къастаяхьара аьлла.