Ярославлехь лаьцна №1 колонин хилла хьаькам

Ярославлерчу колонехь Iазап лелор.

Ярославлехь лаьцна цигарчу №1 йолчу колонин хьаькам хилла Николаев Дмитрий. Цунах лаьцна хаам бина "Общественный вердикт" фондо, Талламан комитетана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, цу стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх доьзна ду чубоьхкинчу нахана тIехь Iазап латторца. Эшам хилла лоруш ву цу колонехь хан токхуш хилла маситта тутмакх.

Стохка, 2018-чу шарахь, Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийра. Цу урхаллан белхахоша теллира "Новая газето" арахецна видео. Иза яьккхина ю цхьана белхахочуьнан видеорегистраторо.

Видео тIехь гуш ду федералан таIзарш кхочуш дон сервисан белхахойн духар доьхначу маситта стага, хийца а луш, тIера хIуманаш дIаяьхна волчу Макаровна чхьонкарш еттар а, коьрта тIе хи деттар а.

Бакъонашларъярхойн аьтто баьллера Макаровна етташ дакъалаьцначу 12 стеган цIерш къасто. Верриг а и зулам деш дакъалоцуш хилла 18 стаг.