Таджикистанера эшархочо Курбанханов Толибджона рэп лекхна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "тешаме накъостан" Кадыров Рамзанан сий деш.
"Керла йиш „К. Р. А.“ – ас ларар ду Оьрсийчоьнан турпалохо", - яздина Курбанхановс YouTube-хь ша йиш дIахIоттош.
Иза шуьйра йийцаре еш ю YouTube-хь. Дукхаха болчара шаьш реза ца хилар гойту эшархо Кадыров хестош хиларна.