Оьрсийчоь чIагIйеш 5 эмкал ягийна Бурятерчу шаманаш

Гайтаман сурт.

Иркутскан гергахь шаманийн тобано 5 эмкал ягийна, Оьрсийчоь а, цуьнан дуккха а къамнех лаьтта халкъ а чIагIдеш. Уьш ягор, видео тIе а даьккхина, даржийна цара интернетехь.

Цу нахана хьалхаваьлла хилла "Даима сийна стигал" цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо Цыбиков Артур. Цо чIагIдарехь, "дийна йоллушехь эмкалш цхьаммо а ца ягийна". Шаманийн хьалханчо дийцарехь, уьш ялийна хилла цара бурятийн фермера. Эмкалийн долахочо эмкалш дера ю аьлла хилла, царна хIун дан деза хууш вац ша аьлла.

Шена йинчу критикана жоп луш, Цыбиковс дIахьедар дина, "Кадыров Рамзана хIора шарахь пхиппа эмкал ягайо, цуьнга иза хIунда дина олуш цхьа а вац" аьлла. Шамано, Нохчийчохь хIора шарахь эмкалш ягайо бохуш, дуьйцург кхеташ дац, яздо и хаам бинчу U-f.ru сайто.