75 шо хьалха махкахбаьхначу нохчийн а, гIалгIайн а сий дина Нурмагомедов Хьабиба

UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба махкахбаьхна Сибрех а, Казахстане а, Юккъерчу Азе а хьажийначу нохчийн а, гIалгIайн а сийна йоза дитина шен instagram-хь.

"ДагадогIу, дицдийр дац", - яздина Хьабиба шен агIонна тIехь арахецначу вайнах махкахбахарх лаьцначу видеонна кIеллахь, "#депортация #вайнахов #чечня #ингушетия #братья" тегаш тIе а тухуш.