Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь доза билгалдоккхуш къовсаме меттиг карийна Дагестанерчу комиссина. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело".
Дазанехь хиллачу цу комиссин декъашхочо бинчу хаамца, меттигерчу Нохчийчуьрчу бахархоша а дозанца гIиршо йинчу совдегаро а къийсам бу дIахьош. Юьйцург ю Дагестанерчу Яман-Су эвларчу вахархочо нисса ах нохчийн территорина тIехь йина гIишло.
Кхаарин дийнахь доза билагалдаккха кхоьллинчу Дагестанан комиссин декъашхой хилира Бабаюртан а, Хасавюртан а, Новолакан а кIошташкахь, цигарчу бахархошца доза кIасторца доьзна хаттарш дийцаре деш.
Нохчийчоьнан комисси картин шен вариант а кечйина Iаш ю, Дагестанерчу комиссино шен болх дIаберза баллалц, хаам бина Нохчийчоьнан Iедалан векало, яздо "Кавказский узело".