Болх лоьхуш 8% балхахь боцу нах бу Нохчийчохь

Оьрсийчохь белхан къоьлла йолчу меттигашна юкъахь шолгIа меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоь – 8%. Цигахь долчул гIаддайна гIуллакх ду ГIалгIайчохь - 8,7%. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан Белхан министралло. КхоалгIачу меттехь йолчу Тывахь болх боцуш бу 3,9% бахархой.

"Оьрсийчоь тахана" телеканало бинчу хаамца, 2018-чу шарахь болх лоьхуш вара пачхьалкхехь 1,4 млн балхахь воцу вахархо. Белхан министралло бинчу хаамца, и терахь 10,4 % кIезиг ду, 2017-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича.