Dragon-2 кема космосе дахийтина Маска

SpaceX Falcon 9 ракето космосе даьккхина Dragon 2 космосан кема.

Маск Илонан доларчу компанино исторехь дуьххьара космосе дахийтина тIехь адамаш хир долу Dragon цIе йолу космосан кема. Dragon-2 кеманна тIехь Дуьненаюкъарчу космосан станце йоьдуш ю тайниг (манекен). Цуьнан цIе ю Рипли. Иштта цIе яра космосах лаьцначу "Aliens" (Хийранаш) филман турпалхо йолчу зудчуьн.

Dragon-2 кемано Дуьненаюкъарчу космосан станце кхачор бу 180 кила йозалла йолу гIирс. Амма уггар хьалхара Iалашо ю кеман аьттонаш зер.

Dragon-2 чуьрча манекенан скафандран тIехь леррина аппаратура ю дIахIоттина, адамашна цу тIехь кхерамазалла хилар къастор Iалашонца.