Оьрсийчоьнан бахархошна Iамеркан визанан мах охьабаьккхина Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Масийттазза доза хадо бакъо лучу визанан мах лахбина 143 долларна. Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь дуьйна цуьнах доккхур ду 160 доллар.
Иштта яйлур ю Iамеркахошна Оьрсийчоьнан виза а (карарчу хенахь масийттаза доза ходон визан мах бу 270 доллар). Цул сов шина пачхьалкхо барт бина, визанаш аьтто белахь хIоразза а 3 шаранна яла.