Алжирехь эзарнаш адамаш дуьхьалдевлла президентана Бутефликана

Бутефлика IабдулIаьзиз (аьрру агIор йистехь верг) Меркел Ангелица цхьанакхеттачу хенахь, 17Гезг2018

Иттаннаш эзарнаш демонстранташ арабевллера Алжиран урамашка Зазадоккху-беттан 2-чохь, 82 шо долчу президенте Бутефлика IабдулIаьзизе юха а президент хIотта ма гIерта аьлла. Президентан харжамаш хир бу Алжирехь тIебогIучу Оханан-беттан 18-чу дийнахь. Полицица хиллачу тасадаларшкахь лазийна 180 гергга стаг.

Шотдийнахь хилларш уггар шуьйра дуьхьалонан акцеш ю 2011-чу шарахь Iаьрбийн бIаьсте хиллачул тIаьхьа. Адам арадаьлла махкахь Iедалехь йолчу "Къам маьршадаккхаран фронт" партино Бутефлика юха а президентан харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттинчул тIаьхьа.

И стаг Алжирна куьйгалла деш ву 1999-чу шарахь дуьйна. 2013-чу шарахь цунна вен дагахь тIелатардинчул тIаьхьа заьIапхочуьнан варданахь дIасалелаш ву иза, наггахь а бен нах гулбеллачу меттехь гуча а ца волуш.

Швейцарерчу зорбанан гIирсаш хаам бина, Бутефлика Женеверчу университетан клиникехь ву аьлла.