Your browser doesn’t support HTML5
Яндарбиев Зеламха
***
Сан пачхье ю – нана еха хIусам,
Дай баьхначу юртахь жима цIа.
Дуьненах со къастахь къаьста со цунах,
ДегIах къастахь цунах къаьста са..
Сан пачхьенан малх бу ненан хьажар,
БIаьра хьаьжна сирла елакъажар.
Сан пачхьене боьдург цхьа некъ бу,
Цунах кхеташ – бIе эзар кхин,
Цаьрца хIоранца со лелла ву,
ХIоранца а бу сан ирсан цинц.
Сан пачхье ю – нана еха хIусам,
Ирсе боьду некъ а цу тIе бу..