Алиев ГIапур. Дено-денца даг тIе язлуш...

Your browser doesn’t support HTML5

Алиев ГIапур. Дено-денца...

Алиев ГӀапур
***
Дено-денца даг тIе язлуш,
ГIайгIано со хьийзаво.
Ерриге марзонаш хедош,
Яхна зама кхаьрдаш го.


Тоххарехьа, кхин ца Iехош,
Сатийсамаш севцина.
Дерриге а деккъа оьхьуш,
Шерийн кхетам базбелла.


Бен а доцург бен а доцуш
Iаддадита Iемина,
Дог ду сецна, кхин ца хьоьгуш
Хьега луъчух, ша дисна.


Суна гина хаза гIенаш
ГIенаш хилла дIадайна.
Ас ладегIна зевне эшарш,
Къар а елла, севцина.


Иза-м мацца хир ду бохуш,
Ас мацненна дитина,
Эццахь хилла ирсан дакъош
Мацне йоцуш дисина.


КIирвелла, мел юхахьежарх,
Хилларш, ца гуш, дIадайна.
Дахаре сан хилла хеттарш
Жоьпаш доцуш дисина.