Дина долуш ду Шелара коьрта маьждиг

Шела.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла Шелахь гIалин коьрта маьждиг деш бIаьргтоха вахана. Цунах Нохчийчу богIучу туристаша вуно шайн тидаме оьцу объект хир ю бохучух тешна ву ша аьлла, яздина цо "ВКонтакте" социалан машанехь.

"Нохчийчоь тахана" агенталло хаам барехь, карарчу хенахь маьждиг деш белхаш дIабоьрзучу тIегIантIе бевлла. ГIишлонан чуьра а, гонахара а белхаш беш цигахь къахьоьгуш ву 300 говзанча.

Шелара маьждиг схьаделла мегаш ду ши бутт баьлча, Стигалкъекъа-баттахь.