Эккха кхераме бомба карийна Нохчийчохь Гумс йистехь

ФАБ-500 олу ах тонн йозалла йолу фугасан бомба.

Оьрсийчоьнан тIеман кемано кхоьссина эккхаза бомба карийна Веданан кIоштахь. Кхераме герз ду Гумс хийистехь Дышни Веданна 3 километр гергахь. Иза цигахь Iуьллу ду лаххара а 20 шо.

Говзанчаша бинчу хаамца, бомба юьйлина ю, муьхха а хенахь эккха мегаш. Иза ларамаза карийна меттигерчу бахархошна.

Бомба дIаяккха Нохчийчу баьхкина Ростохара орцаллан министраллан лерринчу саперийн тобан говзанчаш.