Your browser doesn’t support HTML5
Бексултанов Муса
Генара зурма…
Шен лулахочуьн кIанте кху чуьра йоI яийтахьара, бохуш, хIора денна бохург санна, цу наха дехаре оьхуьйту Албаст кIорда а вина: – Деллахь, хьайн десара, Албаст, и хьайн йоI яхийтахьа цаьрга, хIокху вайчул куьцехь а, гIолехь а яра хьан иза! – олуш, кхозлагIа веъча а цунна дехар
ца луш, Албаст дIа а хьажийна, оцу шина дийнахь кхин кертал ара ца волуш, малхбузан ламазана молла кхойкхуш а хезна, моллина тIаьхьа акбар олуш, хIара сацавелча, лулара Асхьаб велира керта: «Делкъехь схьа-м аьллера, вицвелла-кх, Теркайистера Iусман цIе йолу стаг дIавалар хьан хIусамнене дIахаийта аьллера-кх соьга», олуш.
Теркайист аьлча, ца дезаделира кхунна, генара некъ дуьхьал а хIуттуш: хан дIа а яьлла, дегI къаналле таьIча, бIокъажош хилла-хилла-кх, цхьанхьа-цхьана хIунаьхдинчохь – тезет яьлла, аьлла, схьахезча, оцу веллачуьн ойлаярал хьалха, цига бахьа беза некъ дуьхьал а хIуттуш.
Велларг кхуьнан стушича хилла-хиллера – кху зудчуьн девешин кIант, – лаахь а, ца лаахь а цу тезета ца вахча, хIара вер а воцуш.
ГIалагIазкхийн дозанца, генна Теркал дехьа ю бохура тезет. Кхунна цкъа бен гина стаг а вацара и велларг, маца-мацах – хIинцачул ткъе итт шо хьалха – кхуьнан деваша кхелхинчу тезетахь бен, хIетахь, ша дIаваха
ваьлча, оцу стага юха аьлла хилла долу дешнаш, тахана санна, кхуьнан лерехь а декаш: – Делан дуьша, нах, тIаккхахула шайн тезет яьлча, со кхуза цаварах суна бехк ма биллалаш, боккъал а, – элира цо, – охьахьаьжча – Iин а ца гуш, хьалахьаьжча – ломан бохь а ца къаьсташ, хIинций-хIинций машен бердах йоьду-кх сайн, бохуш, Iожаллин букъа тIе ког а биллина, хала веъна шуна со кхуза! – аьлла.
Кхин ван а ца веара цул тIаьхьа, кхуьнан йиша а, девешин зуда кхелхича а. ХIара-м цунна бехк буьллуш а вацара цу хIуманна, иза боккъал а бакълийна хилар тахний бен, ма-дарра хиъна а воцуш – кху лаьмнашна юккъехула кхузткъа чаккхарма бан безачу некъа тIе кхин бIе гергга чаккхарма (кхуьнан доцчу бIаьрсица) бахьа беза некъ дуьхьал а хIуттуш.
Iуьйра-ламаз динчул тIаьхьа, поднара тIе дIатаьIна, шеца цу тезета мила вуьгур вар-те, бохуш, сахиларе хьоьжуш ша Iуьллуш, йоIаца долчу гIуллакхана кхуо шена жоп ца делча, Албаста шега аьлла дешнаш дагадаьхкира кхунна: «Заманан стаг хили-кх хьох, Ковнаркъа, со-м хьуна заманаш хийца а лур яц моьттуш вара!» – аьлла.
ХIара сецорг кхин дара цу захалонна: цкъа делахь, и нах кху юьртахь дай хийцабелла, хьалхе дуьйна нахана бевзаш хилла нах бацара, Казахстанера нах цIа боьрзуш, кху юьртахь нисбалар доцург.ШозлагIа делахь, юьртан вонехьдиканехь а боцуш, шайн сискал шайна юуш нах а бара уьш. Цул сов, кху юьртара зуда, ца Iаш, цIа а еънера цаьргара, сискална гатто латтайора цара шена, аьлла, юха шен дас а, гергарчара а дехарх, кхин цига дIа а ца яхара. Дан-м кIезиг хIумнаш хила там бара уьш дерриш а, делахь а, пайдабоцчу хIумано зудабер дакъазадоккху дела, резавацар-кх хIара цу захалонна, йоIа церан кIант тIехьийзинийла шена хуъушехь.
ХIара шиъ юха – и зудий, хIарий, – некъаца нислучу юьхьIаьржонна кхин шайца стаг а ца вуьгуш, Iуьйррехь новкъа делира цу тезета даха, хала а, атта а хIорш дIакхаьчча, генна делкъал тIаьхье а йолуш.
Хьо дIагIуо я чувола, олуш, кхин стаг тIе а ца веана, хьеделлачу ламазан сингаттамна хIара хьекхавала волавелча, цхьа боьрша стаг гIаьттира хьала: – Вало, хьаша, соьца, ламазан корта а тоьхна, вайшинна лахь, юучух а кхетта, хIума дийр ду вайшимма… лакхахьара-м ву моьтту суна хьо? – хоьттуш. – Лакхахьара Iовдал ца хилча, ши бIе юрт а хадийна, кхузара зуда йига мила вогIур вара! – забар йира кхуо, нах, «гIогI», аьлла, бийла а луш.
– Хьалха Iовдал хиллехь а, хIинца-м кхетта вогI, моьтту суна, хьо, – элира цхьамма, – шен юьртара ахъIовдал а ца юьгуш, нехан юьртара ерриг а Iовдал юьгуш Iедал ма дуй вайн! – аьлла.
Нах юха а бийлабелира. ТIаккха, дIагIаьттина, оцу стагана тIаьхьа ша дIавоьдуш, хIара нах а, кхеран бахамаш а кхин хийтира кхунна, хаза шуьйра урамаш а долуш, генна-генахь хIусамаш а.
Нах шаьш а бара ийна, кIеда, садаьхьна а, сиха а боцуш.
– Хаза паргIат меттиг ю хIара шу деха мохк, – элира кхуо.
– ХIа-а, меттигий…ян-м яра хIара, хьалха санна, къахьега аьттонаш хилча… и дIаIохку аренаш хорбазех юьзна хуьлура хьалха, хIинца нахехь таронаш а яц, колхозаш а, совхозаш а дIаевлла… цхьа а аьтто а боцуш, пенсеш тIехь Iаш бу-кх нах, кегийраш, хIара дуьне мел ду Россехула сискал лаха дIаса а бахна…
Зуда цIийнан ши киртиг йолу лами буьлуш йоллура, хIара шиъ кевл чоьхьаваьлча.
– Хьаша вогIу вайна! – элира хIусамдас, хозуьйтуш.
– Марша вогIийла… хьаша новкъа вац – хьаланисъелира зуда, – могушмаьрша дохкий шу? – хоттуш.
– ХIинца окху сахьта дика дахка, – элира кхуо, Iусманна Дала гечдойла,
Делан кхел ю-кх лелларг, – аьлла.
ДIогара зуда, кхаъ хезча санна, цкъа тоха а елла, юха йист ца хуьлуш, сацаелира, цхьана ойлано-ма лаьцча санна.
ХIара шиъ чоьхьавелира, къаьрззинчохь зуда а юьсуш:
– Валолахь, валолахь, хье кхехкал тов ю хьуна кху арахь! – олуш, хIусамда хьалха а ваьлла.
Кхано юха, ламаз а дина, луьйш-олуш хIара шиъ Iаш, барз бинна чIепалгаш а, кIалдаьттий, ахьаран галнаш а йохьуш, чоьхьаелира зуда: – Хье-м ели со… шура тоьхна гIалмакхан чай деза хьуна, хьаша, я вуьштта чай мер ду ахь? – олуш.
– ЭхI, дIаяла, дуй, яра санна цхьаьна догIуш даар кесталгIа гина дац-кх сона, – велавелира хIара, – я ламаройн кхача мичара кхаьчна шуьга ва… цIе хIун ю…
– Рахьимат ю сан цIе…
– ХIара зуда шун цигахьара…., – хIусамда вистхила ца кхиира, зудчо: «ХIунца окху сахьта дика дахка», – аьлла, хьо вистхилчахьана, елха ца елха гIерташ, хьалади-кх ас хIара чIепалгаш цу арахь, Дела ва-кха хьо марша… сан
мехкан стаг суна кху агIорхьа хазаза хIара ткъе берхIитта шо дар-кх, – элира зудчо, – стаг ахь бехк м биллалахь, – цIийнадега дIа а хьаьжна.
– Ян мичара, хьенан ю хьо? – хаьттира кхуо.
– Хьо волччуьра ю-кх со! – Рахьимат елаелира, шен ден цIе а, юрт а юьйцуш.
– Вевзара, дера вевзара, дика къонаха а ма вара хьан да ИсмаьIал… ткъа хьо кхуза муха…
– Жималла яр-кх, Iовдалалла… эцца, деша йогIу, аьлла, гIала техникуме а еъна, хIокху стагах а кхетта, генара зурма хаза ека, бохучух Iехаелла…
– Хьийзинчух тера ду-кх хьо кхара, хIета, – велавелира хIара, – хьо цигахьара стаг гарах иштта хьаьгна хилча!
– Со кхара хьийза а ма ца йина я хIара стаг – олуш, хьох эхь делахь а – соьца вон хилла а ма вац, делахь а, са гуттар а цигахь лаьтташ, суо кхуза хьошалгIа нисъелча санна, хиэташ… тIехула тIе, марнанас – Дала гечдойла цунна, ша-м вон стаг а яцара иза, – дIа йист моссаза хуьлу, и хьайн жIаьлин мотт ма бийцалахь кху сан кертахь, бохуш, сан маттана даим йистбIаьра лелхаш, кху нахаца я хабар а, я амал а ца йогIуш, къайлаха йоьлхуш лелла-кх со, жен рагI тIе а кхаьчна, цу раьгIнашца суо а йисина, дог Iаббалц елха лууш… кхарналуьйш а я хIорш вуон бу ала гIерташ ма яц хьуна со, шен нахана юкъехь доцург дуьне-м дац зудчуьн…ша а, я шен нах а цабевзачу нахаца дерг…
– Доьзалхо вуй шуьшиннан? – хаьттира кхуо.
– ДIаалахь, стаг, ахь, – йистхилира зуда.
– Ши йоI, кIант – кхо доьзалхо-м ву кху кертахь, – велавелира хIусамда.
– ЦIера яьлла юй ши йоI…, – хIара хатта кхиале:
– И шиъ-м кху шайн юьртара ара хьаха ца ялийтира ас, айса лайнарг а хууш, – зудчо дуьттара куьг хьаькхира тIунделлачу бIаьргех, – я кIанте кхечу юьртара зуда а ма ца ялаяйтина! – олуш.
– Делан йоза ду, Рахьимат, лелашдерг, – вистхилира хIара, – рицкъан белхаш бу уьш берриш а… вай-м цхьа къам а, цхьа нохчий а ду, хьалха-тIаьхьа оцу лакхахьара я кхузара цига хьала – дIасадаьржина а долуш…
– Бакъду иза, – элира хIусамдас, – со суо кей ву хьуна тайпана, эцца дехьа Iаш волу тхан лулахо чIаьнти а волуш, цул дехьараниг хIимо ву… ши бIе шо ду олур-кх тхана дендас, шаьш ламчуьра кхуза охьакхелхина…
– Аса-м иштта ца бохий… цIерпошта чохь санна, тахана-тахана цхьанхьа охьаюссу-кх со, бохуш, яха хала ду ала гIерта со-м… Делан хьан, аьлла, хIара меттиг – оццул со кхузахь Iаш – цкъа гIенах ца ги-кх суна, гуттар а и вайн лакхахьара лаьмнаш гуш, Орга а, бIаьвнаш а…
– ХIусамнана, хьан гIайгIа-бала хIокху вайн хьешана – Ковнаркъина – хаа а хии, хьо дуьхьал яцахь, хIума кхоллур яра охашимма! – хьалха санна, велалуш, забар йира хIусамдас.
– Хьайоьл, хьайоьл, сан йиша, хьайоьл, – хьалагIаьттира хIара, – да-нана-м доцуш дуйла хаьара суна хьан, вуьшта, вежарий а, кхин а…
– Да-нана дац… йиша, жима йолуш, кхелхира сан, тIаьхьуо хилла ваша, цхьаъ – жимахниг – Германехь ву шен са дадийна вахана, воккханиг Россехула ваьлла лелаш а ву, бер а я бекар а доцуш, гай коча а оьллина…
– Беллачарна Дала гечдойла… дерриг а дIанислур а ду, Дала мукъалахь… хаза хьайн доьзал а болуш, хьайн нохчочуьнгахь, хьайн мехкан лаьтта тIехь, хезаш хьайн къоман мотт а болуш, Iаш ю-кх хьо, Рахьимат, хьо санна Iаш-м массо а йоI-йиша а елара вайн… дукха саготта хила мегар дац, дукхаяха хьо, цхьана дийнахь АллахIа вовшахтухур долуш ду хьуна вай дерриш а, – элира кхуо, схьа тIе ехна, бер санна, коьртах куьг хьокхуш, Рахьимат хьаста хьаьстина.
– Вовшах-м тухур дара Цо вай, хIета а, ша дIавоьллинчохь гIаттор ву бохукх стаг Къемат-дийнахь… кхузахь каш хилахь, сайн деца-ненаца а гIаттор яц со, цигахь дIайоллахь – доьзалца а хир яц, – цо аьлча, воккха велавелира хIара, цуьнан гIайгIанна шен дог лоззушехь, дагара дIа ца хоуьйтуш, – хIара нах-м хьийзийначух тера ду ахь, сан йиша! – аьлла.
Рахьимат ша а елаелира цул тIаьхьа: – КъинтIераваьллахь суна, хьан аз хезча, хорам а хилла…, – олуш. Воьлуш лаьтташ хIусамда а вара.
Юха, хIума а йиъна, чай а мелла, хьалагIаттале, ши-кхо салават дуьллуш, хIара шиъ чуьра араваьлча, кхунна юткъа пазаташ а, мерах хьокху йовлакх а кечдина, лаьттара Рахьимат, юьхь тIехь елар а соьцуш.
– Рахьимат, – элира кхуо, – таханчул тIаьхьа, хьайн ден цIахь санна, тIеян меттиг бу-кх хьан со волчохь, хьан ден метта со а ву-кх хьуна, эвххьаза хьайн цIа йоьллахь! – аьлла.
Рахьимат, йоI-йиша санна, схьахьаьрчира кхунах, ду-дац аьлла, кхин дош ца олуш, хIара боккъал а шен да волуш санна, эвххьаза мара а кхетта.
Кхунна дика а хийтира иза Iаламат, цунна – да а, шена доьзалхо а карийна.
Юха тезета тIе вахана, жимма цаьрца хиъна а Iийна, аль-Фатихьа а, къулхьанаш а дешна, веллачунна гечдар доьхуш, АллахIе доIанна куьйгаш а лаьцна, тезетан дайн пурбанца, цIа ваха, аьлла, схьавирзича, шен дIабан беза некъ схьабинчу некъал дуккха а халох хийтира кхунна, цхьанхьа Рахьимат а еара дага, шен дерриг дахар а цхьаьна, Казахстан дуьхьал а хIуттуш. Бералла а елира карла, диъ шо кхочуш, Казахстане ша яьхьна хилла меца бералла, мичахь махкахь, хьенан лаьттахь воллу ца хууш, новкъахь велла, цIерпошта тIера охьакхоьссина шен да а. Ойланаша некъан тидам бойура, уллехула тIехъяьлчий бен, дуьхьал машен еънийла а ца хууш. Цкъа-шозза хIара тIехйолучу машенах къаьхкича:
– Хьо могуш воцуш-м вац, къонаха, корта-м ца лозу хьан… машен сацийнехь хIун дара-те, жимма садаIа? – элира тIехьа Iачу зудчо.
– Вац, хIума дац… ца лозу корта! – хадийра кхуо, хIара ду ала, сагатдан бахьана а доцуш, юха а шена хиллачух а ца кхуьуш.
ХIара шиъ иштта цIа а кхечира, кест-кеста зудчо кхуьнга садаIа а олуш, кхуо дуьхьал яппарш а еш.
Буьйса, тIе а еана, дIаелира, цхьа хIума-м дицделча санна хиэташ, кхуо шашега ла а доьгIуш. ШолгIачу дийнахь а иштта хьийзира, кертахь цхьацца куьйгаш а детташ, цхьа кхин хIума дагахь долуш санна хиэташ, дагадогIуш хIума а доцуш. Юха цу сарахь, маьркIаж-ламаз а дина, уьйтIахь болчу акхачу кхуран диттах букъ а тоьхна, ша хиъна Iаш, цIеххьана санна, кху доьалгIачу дийнахь ша волчу ца веъна стаг а я ша цхьаьнгга а дIацавахар а дагаиккхира кхунна, дIога – Теркал дехьа – шена йилхинчу Рахьиматан гIайгIа сих а, дагах а юлуш.
«Э-э-э, делла да-кха хьо гIуллакх, ас хIун леладо-кх, хIун ду-кх ас лелорг!» – аьлла, дIа чу кхайкхина, зудчуьнга шен дуткъачу кIадин белахъяьллорг чуьра ара а кховдаяйтина, волавелла Албаст волчу вахара тIаккха, оцу чуьрчу цу йоIа-хIуманан – кху шен юьрта маре яха гIертачу – шегахьчул доккха хьекъал дуй а, цу нахана дехар ца луш, ша лелорг хьаштдоцург дуй а хиъна. Албаст вилхира, оцу йоьIан да хьо ви-кх ас, аьлла, хIара шега вистхуьллушехь, кхунна схьа маракхеташ:
– Дела реза хуьлда-кх хьуна, Ковнаркъа, Дала ялсаманан хьаша войла-кх хьох! – бохуш, хеццане а хIара марара дIа а ца хоьцуш.
Кхунна а делира бIаьргех хи.
Буьйса екхна а еара-кх кхунна цу буьйсана, цкъа а ца еъначу беса, сингаттам дIа а болуш…
Са паргIат а делира.