Шеларчу кхелехь, ладегIарехь, кхел кхайкхор ю Титиев Оюбан гIуллакхехула. "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке веш ву наркотикаш лелорна.
Прокуроро дехна Титиевна 4 шо колонехь даккха хан а, гIуда тохар. Бакъонашларъярхочуьнан адвокато Дубровина Маринас суьдехь хиллачу пренешкахь билгалдаьккхира, Титиевн наркотикашца цхьа а юкъаметтигаш ца хилар.