Крайстчёрчехь маьждигашкахь адамаш дайинарг ша цхьаъ хилла

Гайтаман сурт.

Керлачу Зеландера Крайстчёрч гIалахь терроран тIелатар дарна кхело бехккховдийнарг, цкъачунна болчу хаамца, ша цхьаъ хилла и зулам динарг. Иштта хаам баржийна полицино. Цуьнца цхьаьна хилла аьлла шеко йолуш лаьцна хилла кхин а кхо стаг, дакъалоцуш ца хилла адамаш дайарехь.

Шина маьждигехь 50 стаг вийна терроран тIелатардинарг кхелана хьалха хIоттийна шотдийнахь. 28 шо долу Австралин махкахочунна Таррант Брентонна ха деш вара герзаца волу ши полисхо.

Кхелехь цуьнга адамаш дайарна бехк кховдийра. "Iамеркан аз" портало хьалхо хаам бинера, полицино лаьцна ву цуьнца зулам деш дакъалоцуш хиларна шеко йолу кхин а 2 стаг аьлла.

Шотдийнахь зорбанан-конференцехь Керлачу Зеландин премьер-министро Ардерн Джасиндас дIахьедар дира, Таррант сацийра герз деттачура полицино аьлла. "Иза кхин а дIадахьа дагахь хиллера тIелатар", - элира цо.

Крайстчёрчерчу маьждигашкахь адамаш дайар "гина доцу адамашна ницкъбар ду", - бохуш яра премьер-министр. Ардерна дIахьедар дира, меттигерчу низамшана тIехь герз лелорца боьзна хийцамаш бан безаш хиларх лаьцна.

Керлачу Зеландин полицин комиссаро Буш Майка, биглалдаьккхина, кхин нах хилла я ца хилла цу зуламна юкъаозийна бохург, къаьстар ду тIаьхьо аьлла.