Шеларчу гIалин кхеле дIакхачийна Титиев Оюб

Архивера сурт.

"Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIакхачийна Шеларчу гIалин кхеле. Цигахь дIакхайкхош бу цуьнан гIуллакхехула болу сацам.

Прокуроро дехна Титиевна 4 шо колонехь даккха хан а, гIуда тохар. Бакъонашларъярхочуьнан адвокато Дубровина Маринас суьдехь хиллачу пренешкахь билгалдаьккхира, Титиевн наркотикашца цхьа а юкъаметтигаш ца хилар.