Титиевна колонехь даккха 4 шо тоьхна Шеларчу кхело

Шеларчу кхело Титиев Оюбана 4 шо тоьхна колонехь (колония-поселение) даккха, цо талламан изоляторехь яьккхина хан чоьте а оьцуш. "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке вина наркотикаш лелорна.

Прокуроро дехнера Титиевна 4 шо колонехь даккха хан а, гIуда а тохар. Бакъонашларъярхочуьнан адвокато Дубровина Маринас суьдехь хиллачу пренешкахь билгалдаьккхара, Титиевн наркотикашца цхьа а юкъаметтигаш ца хилар.