23 шо долу жимстаг вийна ГIалгIайчохь

23 шо долчу жимчу стеган дакъа карийна Малгобекан кIоштарчу СоагIапчан йистехь дахначу оршотдийнахь аьлла, хаамбо ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Полисхой тешна бу, иза вийна хиларх. Цуьнан дегIах хьоьвсича къаьстина, иза нуьцкъала вийна хилар.

Зуламан Кодексан 105-чу артиклца гIуллакх долийна, кхи дIа талламаш дIахьош бу вийначун гонах аьлла, информаци йитина Талламан комитетан сайтехь.