Нохчийчоьнан прокуратура юкъагIоьртина пурнийн ассоциаци баьпкан мах хьалабаккха гIоьртарна. И юкъаралла варе йина прокурораша, цу тайпа гIулч яккха мегар ца хиларх лаьцна.
Прокуратуро бинчу хаамца, баьпкан мехаш 20% тIетохарца доьзна хаттар дийцаре дина республикерчу кхаллар дечу пурнхойн гуламехь. Амма цу хаттарехь сацам бан аьтто ца баьлла цера.
Маршо Радионо хьалхо яхдина ма хиллара, кху шарахь Оьрсийчохь дазлур долуш ду кхачанан сурсаташ, уггаре хьалха шура а, бепиг а, цIен дуга а (гречка). Бепиг даздаларан бахьана дуьйцу ялта кIезиг чудерзор а, кIен мах хьалабалар а.